Текст песни Майрбек и Зара Хайдаровы - Са Нохчийчоь New 2015 [M95]

I. Седа санна къегина,
Хаза ю хьо Нохчийнчоь.
Оьзда к1ант хьан хиларла,
Сирла кхане хьуна го.
Сийна хьаннаш, аренаш,
Лекха лаьмнаш, шовданаш.
Шул деза кхин х1умма дац,
Ишта Даймохк цхьаъ бен бац.

Припев
Ловза дуьйлу кийрар дог,
Хестабеш хьо сан Даймохк.
Мерза безам тхуна луш,
Кхиалахь хьо ирс долуш.
Мерза безам тхуна луш,
Кхиалахь хьо ирс долуш.

II. Лакха пондар, тоха вота,
Хьовза чехка шаршош ког.
Хьалаг1овтта 1ан ма 1е,
Хелхаран бал болабе.
Дайн г1иллакхаш лар а деш,
Вовшийн мерза сий а деш.
Гойтуш доккха дуьненна,
Нохчийн къоман хазалла.

Припев
Дека нохчийн иллин аз,
Хестаеш хьо сан Кавказ.
Буьйцуш сийлахь беза мотт,
Айъа майра маьрша ког.
Буьйцуш сийлахь беза мотт,
Айъа майра маьрша ког.

................

Припев
Ловза дуьйлу кийрар дог,
Хестабеш хьо сан Даймохк.
Мерза безам тхуна луш,
Кхиалахь хьо ирс долуш.
Мерза безам тхуна луш,
Кхиалахь хьо ирс долуш.

Дека нохчийн иллин аз,
Хестаеш хьо сан Кавказ.
Буьйцуш сийлахь беза мотт,
Айъа майра маьрша ког.
Буьйцуш сийлахь беза мотт,
Айъа майра маьрша ког.

Майрбек и Зара Хайдаровы - Са Нохчийчоь (New 2015) [M95]