Текст песни Линда Идрисова - Сатийсар New 2014 [M95]

1 куплет
Сатийсар сов даьлла, урам сун ахь бина.
Хьоь хьежа к1ад елла, г1ел елла со.
Дакъаза ма яла, декъаза хиллакха.
Ас даг чохь къийлина хьоьга безам.

Припев
Лаьтта со тахна, ойланаш хьийзош,
Сай безам къийлош, кийрара аз сецош.
Т1ам бели суна сирла маьлха дуьне,
Вовшех кхи яц марзо, ч1аг1 луш яц вай герго.

2 куплет
Маьржа я1 хьо безам, мел ч1ог1а хуьлу хьо,
Адам ахь ирсе до, сий а до.
Хьайна ца там хиллехь мел дера хуьлу хьо,
Кийра г1ура йир ю хьа лазаро.

Припев
Лаьтта со тахна, ойланаш хьийзош,
Сай безам къийлош, кийрара аз сецош.
Т1ам бели суна сирла маьлха дуьне,
Вовшех кхи яц марзо, ч1аг1 луш яц вай герго.

3 куплет
Амма со тешаш ю, дикане кхочур ю,
Сай харжам ас бина, хьуна т1ехь сецна.
Хьо г1оза вехийла хьа ирсо хьоьстийла.
Са собар кхочийла хьоьх йоккха еш.

Припев
Лаьтта со тахна, ойланаш хьийзош,
Сай безам къийлош, кийрара аз сецош.
Т1ам бели суна сирла маьлха дуьне,
Вовшех кхи яц марзо, ч1аг1 луш яц вай герго.

Линда Идрисова - Сатийсар (New 2014) [M95]