Дуьненчохь уггаре сан хаза г1ала
Хьо хьалха санна хир яц ма ала
Кхоъмаза йохи хьо яхь йоцчу наха
Нохчий мохк боьхкина уьш хойжира баха
Кхиахьа са г1ала хьалхачула сиха
Хилахьа са г1ала хьалхачула хаза
Тасахьа са г1ала б1аьстенан заза
Хьо суна хетара массерал еза
Йохина яржина са Соьлжа-г1ала
Хьо сайна езарна дог лаза даьлла
Хьо гича ца соцуш са баьрхиш 1ена
Доьхал а лаьтта хьо хиларх со гена
Хьа г1ила урамаш сел хаза бошмаш
Вай бери садо1у дешара г1ишлош
Хьа кешни кертара дохина чарташ
Дерриге д1адийца ца тоь1у дешнаш
Кхиаха са г1ала халхачул сиха
Хилаха са г1ала халхачул хаза
Тасаха са г1ала баьстена заза
Хо сунна хетарна массерал еза
Мел дукха д1адоьйлин хьо езаш хилларш
Г1азотехь егна юш дей наной бераш
Вай Дала геч дойла царна массарна
Вай Дала лардойла т1ом йюха гарна
Дуьненчоьх уггаре са хаза г1ала
Хьо халха санна хир яц ма ала
Кхоамаза йохи хьо яхь йоцчу наха
Нохчи мохк боьхкина уьш хойшира баха
Кхиаха са г1ала халхачул сиха
Хилаха са г1ала халхачул хаза
Тасаха са г1ала баьстенна заза
Хо сунна хетарна массерал еза