Текст песни Сахаб Межидов - Мичахь ю сан хьоме Нохчийчоь

Со гена дIаваха, дIаели жима хан.
Мичахь ю, мичахь ю сан хьоме Нохчийчоь?
Ирс долуш со хилча, са хьийзаш висича,
ГIенаха гур яре сан хьоме Нохчийчоь.

Ва делла дала хьо, кийрара дилха дог.
Мичахь ю, мичахь ю сан хьоме Нохчийчоь?
Ирс долуш со хилча, са хьийзаш висича,
ГIенаха гур яре сан хьоме Нохчийчоь.

Мох цIийза лергашкахь, цIий кхехка пхенашкахь.
Мичахь ю, мичахь ю сан хьоме Нохчийчоь?
Ирс долуш со хилча, са хьийзаш висича,
ГIенаха гур яре сан хьоме Нохчийчоь.