Текст песни Петимат Еснакаева - Деги безам New 2014 [M95]

I. Хийца дели х1инца дахар,
Б1аьрса хьоьстуш хьо вист хилча.
Сан ойланийн хуьлуш бахам,
Синтем бохо говза хилла.

Припев
Деги безам, ирс хиларах со теша,
Хьо ду дарба сан синан.
Деги везар, хьоьца ма бу сан тешам,
Кхолламо вай хаьржина.

II. Диц ца ло хьан хаза дешнаш,
Б1аьргаш делош сайга хьежар.
Шеко йоцуш хьоьх а тешна,
Ели х1инца ирсан некъа.

Припев
Деги безам, ирс хиларах со теша,
Хьо ду дарба сан синан.
Деги везар, хьоьца ма бу сан тешам,
Кхолламо вай хаьржина.