Текст песни М. Буркаев - Ма хала стаг ю хьо


Ма хала стаг ю хьо,
Ма юхъхьаяьлла хьо,
Ас хьайга мел дуьйцург
Ца хезаш лаьтта хьо.
Цкъа мукъне схьахьажа,
ОьгIазло дIаяккха.
Вовшашна делалой,
Самукъне лела вай?
Хьан дагахь хIун ду те,
Сан дагна ца хууш,
Сирлачу хьан юьхь тIе
Хьан тийси IиндагIаш?
БIаьстенан довха де
Вайшинна ма шелде,
Гергара ойланаш
Вовшашца ма херъе
Цкъа мукъне схьахьажа,
ОьгIазло дIаяккха.
Вовшашна делалой,
Самукъне лела вай?