Текст песни Лариса Садулаева - Дада M95

Бийца дай боцуш верг мел г1ийла ву
Цара дика ц1е ца йитинарг кхиъ декъаза ву
Да боху деза дош мел онда ду
Шен вала Да вериг мел сийлахь ву

Иллешкахь хесториг вай Нана ю
Миска, эсала и хеташ ю
Нана санна Да хесто вай бехке ду
Вай къоман г1иллакхехь и веза ву

Да, хьан сий лардан
кийча ю со яла
Дада, Дада, Да, Да, сан Да
Сан дозалла, сан сий ду хьо

Са дезаш дац хьуна х1ай сийлахь Да
Са лоруш дац хьуна сан къонах Да
Хьан лерам доза дац, бац барам цхьа а
Аьхь хеташ 1а хьуна сан мерза да

Де хьехарш деза ду, коьрта а ду
Цо белла оьзда некъ вай декхар ду
Вонна а, диканна а и цхьаъ ма ву
Шен дег1 цкъа ца кхоош лаьттина ву

Лариса Садулаева - Дада (M95)