Текст песни Камета Садулаева - Дахар M95

Деза ду адамийн дахар, хийламо баьхна ду и
Керла ницкъ карийна яха, цунна ас тоьшалла ди
Чов хуьлу, чоьвнаш д1айоьрзу, дарбане уьш дагна ю
Массо а чаьккхене дерзош адамийн дахар а ду

Дахар сан г1айг1ане дахар, цхьа жимма хьастахьа со
Хаза дехьа дуьнен чохь яхар,
со ца гуш т1ехь дуьйлу хьо

Делахь а дуьсуш дерг даха, юха а адамаш ду
Диканна д1аделла вахар, велча а вахар ма ду
Дахаран г1айг1ане хьаьркаш, сан дагна ма мерза ю
Мийларх цо сан деган б1аьрхиш, дуьненчохь со ирсе ю

Камета Садулаева - Дахар (M95)

Рекомендуем послушать