Текст песни Ислам Ахмедов - Безам са New 2014 [M95]

I.Хададеш вайн, безаман т1ай
Хьан дагчура со-м х1инца д1авай
Ойланаш хьайн хийцина ахь,
Мел ирсе дара вай цхьана хенахь
Ала соьга со муха ваха
Сил дукха езаш хьо хилча
Дахарехь соьца ца хилча, теша
Дац и сирла

Припев
Безам сан, езар сан
Хьан ц1е сан дагчохь сецна яьлла
Хьо йоцуш безам ца оьшу дагна
Тешахьа, тешахьа
Даимна, даимна
Еха хьо туьйране ойланехь сан
Хета хьо гергара сайн кхолламна
Езар сан, безам сан.

II. Дуьйцар ду ас, и мерза г1ан
Дуьххьара суна хьо гина хан
Седарчий стиглахь дара сирла
Йовхо луш ц1еначу вайн безамна
Ала соьга со муха ваха
Сил дукха езаш хьо хилча
Дахарехь соьца ца хилча, теша
Дац и сирла

Припев
Безам сан, езар сан
Хьан ц1е сан дагчохь сецна яьлла
Хьо йоцуш безам ца оьшу дагна
Тешахьа, тешахьа
Даимна, даимна
Еха хьо туьйране ойланехь сан
Хета хьо гергара сайн кхолламна
Езар сан, безам сан.

Ислам Ахмедов - Безам са (New 2014) [M95]

Рекомендуем послушать