Текст песни Лейла Макаева - Кавказан 1уьйре M95

Припев
Серлонца, машарца хьо йог1у яйча
Кавказан ламанхойн сакъерало
Олхазарш хьаннашкахь 1аламна делало
Органе, тулг1ене дог айъало

I. Ламанан баххьашкахь, дешица къега хьо
Аьрснашкахь пепнашца бегаш беш лепа хьо
Шийлачу шовданчу з1аьнаршца хьоьжу хьо
Малхаца г1аьттина Кавказан 1уьйре.

Припев
Серлонца, машарца хьо йог1у яйча
Кавказан ламанхойн сакъерало
Олхазарш хьаннашкахь 1аламна делало
Органе, тулг1ене дог айъало

II. Лечана т1ам тесна хьо йолу аренга
Юьртахойн ялташа хьан сирла бос оьцу
Пет1амат зезаг ду шен ц1енчу дарийца
Ломара эсала хьоькху мох лоьцуш

Припев
Серлонца, машарца хьо йог1у яйча
Кавказан ламанхойн сакъерало
Олхазарш хьаннашкахь 1аламна делало
Органе, тулг1ене дог айъало.

III. Беркате кхочу хьо белхалойн х1усаме
Маршалла хоьтту ахь барт болу доьзале
Декъала хилла хьо къоначийн безаме
Кавказан, Даймехкан ирс долу 1уьйре

Припев
Серлонца, машарца хьо йог1у яйча
Кавказан ламанхойн сакъерало
Олхазарш хьаннашкахь 1аламна делало
Органе, тулг1ене дог айъало.